Даггара ларам бо!

Раиса Абубакарова
ДАГГАРА ЛАРАМ БО !

Ирс долуш дахалаш, - Нана, йо1, йиша,
Шу мел ду хеа,  дац,  тхан дахар тиша,
Йиш ю шу, тхо мел ду, парг1ата дийша,
Шу синтем ларбина  дала ду кийча.

Шул сийлахь х1умма дац, тхан дагна, теша.
Къонахчо ца олу , цхьа а дош деса,
Даггара аьлла дош мехала хета,
Ша аьллехь къонахчо, дош лар дан деза.

Зезаг ца кховдийча, х1умма ма хета,
Кховдийна и зезаг телхар ду, кхета,
Амма шух аьлла дош заманца деха,
Шух болу тхан ларам цкъа а ца хеда.

Б1аьстенан сирла малх дог дохдеш кхета,
Дагчуьра г1айг1а цо д1аоьцуш хета,
Дуьненчохь шу мел ду , тхо ирсе хета,
Цундела, шу лардар, тхай декхар хета.

Даггара декъал йо йиша , йо1 , Нана,
Йиш йелир, х1ора шух, дешиха кхала,
Тешал деш дуккха ду диканиг ала,
Сий , ларам бойла шу Везачу Дала!

07. 03. 22ш / Джабраилова / - Абубакарова Раиса.
https://www.instagram.com/p/CazFg3CrIDc/?utm_medium=share_sheet