52. Космонавташ

Аза Атагинская
«Вайн лаьттал хаза кхин дуьне дац», - бохуш,
 Жима к1ант  воллура, турмала хьоьжуш.
Карара цициган к1орни ша хьостуш,
Муц1арна леррина турмал т1елоьцуш.

Цу чуьра сурт гича горга дуьненан,
Хийти и к1орнина тера  бошхепах.
- «Схьалохьа деттинчу жижиган дакъа», -
Доьху цо, «м1аьу-у»  ца к1ордош баха

- Ахь х1ун до, х1ай пису, и-м бошхап даций!
Цициго, «м1аьв» бохуш, юха до дехар,
- Схьагуш дерг дуьне ду, ялг1у ма дац и,-
К1ордийра к1антана цициган 1ехар.

- Вайшиммо космосах ойла ян еза!
Халонаш соьца лан хьо хилахь реза.
Седарчийн гуламехь керланиг лаха,
Сайца хьо дуьгур ду ракета хахка.

Азман Джабраилова

Спасибо авторам картинки