Нохчийн йурт, - шира к1отар

Раиса Абубакарова
НОХЧИЙН ЙУРТ, - "ШИРА К1ОТАР".

Маршалла дохьуш тхо хьан юьрта кхечи,
Хьо йолчохь бераллийн марзоно леци,
Вайн хилла г1иллакхаш карла а дехи,
Дуккха а нах боьвзи, саг1ане кхечи.

Вайн хилла х1усамаш берашна гайти,
Шайга тхо д1акхойкхуш х1усам дай хьийзи,
Вайн хилла марзонаш ца йайна, - тийши,
Вовшашца  г1иллакхан  ларам беш лийли.

Той дара х1оттийна хьеший т1еоьцуш,
Лаккхара куьйгалхой хьан шуьне хуьйшуш,
Йуха а ишттачу дикане кхойкхуш,
Вовшаха къаьсти тхо , 1ийна, хан  йоккхуш.

Ах б1е шо хан бен йац, иштта дай баьхна,
Цул т1ехьа дуккха а хийцамаш хилла,
Готталлехь хиллера вай мерза даьхна,
Бахамо йукъара марзо д1айаьхьна.

Шира юрт, Дай к1отар - хьо марша 1ойла,
Сих-сиха  хир  дац-те йуха хьо гойла?
Гур дац-те дай, наной хьан кхерча хьийзаш?
Йиш-вешийн гуламехь,  марзонаш оьцуш.

16. 02. 22ш. / Джабраилова / - Абубакарова Раиса.
https://www.instagram.com/p/CaDIfvZLxMS/?utm_medium=share_sheet