1емаш ю диканах къаста дан во!

Раиса Абубакарова
1ЕМАШ Ю ДИКАНАХ КЪАСТА ДАН ВО !

Баркалла олу ас хедорна некъаш,
Диканна пе бетташ, дуьхьло а йеш,
Сан сирла ойланаш  чим санна  йагош,
Лазийнчу сан деган ойла ца йеш.

Ша тайпан хир дара дуьне шу доцуш,
Дика-вон вовшеха къаста ца луш,
К1оршаме дош олуш - юххехь шу доцуш,
1ийр йара марзонан хам ца балуш.

Гуш йолчу харцонна къинт1ера йолуш,
Мелан йал совйаккха аьтту бу сан,
Бусулба к1еда дог сайн кийрахь догуш,
Ийманах ца йоха хьекъал ду сан.

Аьтту бу диканца шу дегнаш эца,
1емаш ю диканах къаста дан вон,
Шу санна аьрха нах йиш яц д1ахеца,
Шу даг чу хьожий ас ч1аг1 бо сайн гуо.

Хьаг1-гамо лоций аш доьхку сан некъаш,
Уьш хуьйцуш лела со, кхин к1ад ца луш,
Диканна кхочу т1е, оьшу нах бевзаш,
И ца товш, кхехка ц1ий, хуьлу шун гуш.

Шаьш йечу халонех г1о хуьлий хиъча,
Сан некъаш ца хедош 1ийр дара шу.
Со йолчехь тар ца луш, оьг1азе лелча,
Ма хала хан йоккхуш лелар ду шу!

Юха а Баркаллах1 даггара олу,
Ца хилча йиш йоцу харцонан дай,
Аш деган ойланаш бертаза гойтуш,
Ларло со , х1оранза олуш дош сайн.

Аш юьйцу шалхонаш хилла яц даг чохь.
Дог ц1ена хиларна эла ю со,
Са-м йиш яц шух къаста, лела шу доцчехь,
Шу даг чу тардина ехар ю со-м!

10. 02. 22ш. /Джабраилова/ - Абубакарова Раиса.
https://www.instagram.com/p/CZylny7rFT9/?utm_medium=share_sheet