Даггара баркаллах1!

Раиса Абубакарова
ДАГГАРА БАРКАЛЛАХ1 !

БаркАллах1, -даггара довха дош аларна,
Сингаттам совбаьлча, орцаха валарна,
БаркАллах1, - вай  Деле могшалла йехарна,
Ц1еначу ойланца къинхетам бехарна.

Хьаша-да латтийла  беркате  х1усамехь,
Барт-марзо латтийла вехачу урамехь,
Хьо цкъа ма вуьсийла, дог доьхна халонехь,
Хьан йовхо латтийла седарчийн алунехь.

Беркате хуьлийла, т1ейог1у 1уьйренаш,
Самукъне йог1ийла беркате суьйренаш,
Дехийла доттаг1ий, вай вовшех даккхийдеш,
Дуьненчохь мел деха вочунах лар а деш.

24. 02. 22ш. / Джабраилова / - Абубакарова Раиса.
https://www.instagram.com/p/CaXyRCuLSwY/?utm_medium=share_sheet