Сан деган лазам!..

Раиса Абубакарова
САН ДЕГАН ЛАЗАМ!..

Декалаш, делхалаш - сан деган лазаман мерзаш,
Со-х кхеташ, дог лозург, лахалаш, кхачалаш лере,
Балхабеш, гайталаш сингаттам,- сан дагах хьерчаш,
Вайн хазчу 1адатийн, куц хийцар, диллалаш кхеле.
 
Вай Дайша, шайн сица мах хадош, мотт буьйцуш хилла,
Дош дашах тасарехь, хазалла т1аьхьаьнна йита,
Нохчалла ларйина - Эла мотт, хьан мах бац х1инца,
Ца кхеттал  хийцина, буьйцуш хьо,- даго ца лайна.

Шаьш бечу иэшаман, мах хадо ца хууш шайна,
Т1аьхьарчу т1аьхьаьнна бийца мотт ца буьтуш ц1ена,
Нохчийн мотт, бицбина къоман мах хадабеш г1ийла,
Нохчалла дагчуьра йожаеш, ца го те шайна?!.

Луьрачу цу т1амехь, хийлаза г1о доцуш бисча,
Кхуссу герз кхачийна, шаьлта бен, накъост ца висча,
Шаьлтанца бина т1ом, туоламан, хелхар бал боккхуш,
Ца лало, и ХЕЛХАР ! - дуохийна, сел уосал доккхуш.

Вай Дайша са д1алуш, Устазийн тобанаш ч1аг1йеш,
Сибарех лахкарх а, бусулба дин,  ц1ена лардеш,
Лелийнарг, хьекъале ца хеташ, - динехь гал бевлларш,
Ца лало,- дин дуохош, Делан кхел хир йуй ца кхеташ!

Дакъаза ма бала, бийцина - Нохчийн Мотт, - Дайша!
Хьо къахьбан , бицбайта, ма ч1ог1а лиънера лайшна,
Халачу заманахь, барт ч1аг1беш, бийцинарг наха,
Маьршачу кху хенахь - ма къаьхьа буьйцу хьо сонта !

Х1умма дац, Ненан мотт, - йуха а сатохахь жимма,
Хьо бийца цхьа воцуш,- ган луъчуьн луур ца даккха,
Дуй буу! - "ЦХЬА НОХЧО" -дуьненчохь висахь а ваха!
Г1аролле х1уттур ву, - Хьо Ларбан, Хьан Сий Ца Дайъа !!!...

10 . 01 . 2021 ш. / Джабраилова /-Абубакарова Раиса.
https://www.instagram.com/p/CaRemD0M-KU/?utm_medium=share_sheet