Дуьненан йалсмане!

Раиса Абубакарова
ДУЬНЕНАН ЙАЛСМАНЕ !

Б1е шеран ларам бу вайна кхайкхийна,
Нохчийчоь - Нохчийн мохк  кога х1оттийна,
Хийла цу шерашкахь дика а 1ийна,
Хийлаза  вуо деъна дог а 1овжийна.

Цу хена дика - вуо вовшашца ийна,
Йаханчу замано хьо хийла зийна,
Харцонца ц1е кхуллуш хьан дог лазийна,
Амма хьан сий а деш, бакъо толийна.

Хьан дагца йамартло цкъа а ца хилла,
Дог майра ду бохуш, хьоьца хьаг1 хилла,
Халонна букъан сирт саттош ца хилла,
Сий долу хьай корта айина лелла.

Маьрша-къам, Эла-къам,  хьоьца хьаг1 лаьцна,
Хьоь амал хийцийта лай амал эцна,
Маршонах даккха къам, хийла барт сецна,
Амма хьайн син-маршо ахь д1а ца хецна.

Йоцу ц1е т1е кхуллуш Г1ум-Ази лаьхки,
Даймахке сатуьйсуш, кхойтта шо даьккхи,
Доь дайъа махкара, лар йайъа хьаьвси,
Ткъа Дала, Нана-мохк, вайн дола баьккхи.

Маршонна т1е кхийдаш, хийла хьо зийна,
Иэшийна, гор х1иттош, вай цкъа ца дайна,
Мохк ларбеш хийлаза, турпалхо вийна,
1енна ц1ий дицдина, цхьа а ца 1ийна.

Ч1ир оьцуш, хьан чевнаш, сихха йерзийна,
Хиллачул хазбина, вайн мохк- къагийна.
Дуьненан Йалсмани хьоьха тарйина,
Хазалла гайтина, мостаг1 вожийна.

Дуьненан Йалсмане  хьо х1инца хета,
Маьрша ду вахар-вар, маьрша къам деха,
Ма гойла кхул т1аьхьа, хьан чевнаш дера,
Дуьтийла Нохчийн къам,  Хьо маьршша лела!..

20. 02. 22ш. / Джабраилова / - Абубакарова Раиса.
https://www.instagram.com/p/CaNtFfRrDLK/?utm_medium=share_sheet