Ц1е дога зезаг

Петрбиев Халид
Аьхна ду ламанахь
Х1аваъ ду маьрза
Д1а хьаьжчохь лаьмнаш ду
Мохк лар беш летташ
Хаза ду ламанахь
Маьл гуш дег б1аьрганна
Дай дека ламан аз
Дог хьоьсташ, хьоьсташ са.

Гуьйраг т1е гуьйрага
Хотт а йой нийса
Цхьам тухи йоькъа и
Щин декъи дигца
Маьл хаза йога ц1е
Цу лаьмни хьаннех
Маьл маьрза дола чай
Цу йога ц1арт1ехь.

Тхан хьоме махкара
Комаьрша к1енти
Аллахl доьхьа дезарна
Цхьан вовшах кхети
Йойъа цу ламанца
И тийна буьйса
Бусульба хиларна
Цхьаъ хуьли дуьса.

Нохчалла езарна
Г1иллакхаш лар деш
Дай наной безарна
Сий цера лар деш.
Довра дац ламара
Ц1е дога зезаг,
Дозалца и лар деш,
Нохчо ву лелаш!

Вера вац ламани
Хазаллаш йийцина,
Дай баьхна латтани,
Баьркаташ дийцина.
Дехийла Нохчи къам,
И Дела реза веш.
Сий долу махкара
Хиларна хастам беш.