Керла шо

Аза Атагинская
1.
Лаьмнийн баххьаш к1айн дина,
Мехкан 1алам хаздина,
Лаьттан беркат тодеш, дог1у ло.
Беттан серло яржийна,
Лайн чимех д1аэйина,
Вайна герга г1ерта керла шо.

2.
Гина бала, духуш дог,
Дог 1овжийна шийла мох,
Ширчу шаро шеца хьойла д1а.
Шен зама чекх ялар гуш,
Керла шарна некъ буьтуш,
Шира шо вайх къаста кечделла.

3
Къоначарна безам луш,
Церан дагчохь лепош нур,
Керла доьзалш махкахь дебийла!
Адмийн дахар маьрша гуш,
Кхане - къоман мерза мур,
Керла шо, ахь тхуна дахьийла!

4.
Хелха довла, боккхуш гуо,
Елаелла  яххьаш го
Дикнехь вовшех оьцу вай марзо.
Х1ораммо д1а доьллуш дог,
Хьо т1елоцу, керла шо,
Ч1аг1лойла  вайн къоман гергарло

5.
Дай-наной а декъал деш,
Церан тоъал ларам беш,
Берийн сий деш, дегнаш хьоьстийла.
Керла шарца декъалбеш,
Нохчийн къам а ирсе деш
Хиллачул хьо ирсе дог1ийла.


ПРИПЕВ

Керла шо, хьо марша да.
Х1ораммо дог доьллуш д1а,
Ч1аг1лойла вайн къоман гергарло!
Хелха довла, боккхуш гуо,
Елаелла яххьаш го,
Дикнехь обцу вовшех ва марзо!

Азман Джабраилова

***

Музыка...
Исп. Роза Янгульбаева