42. 1аламан хиламаш

Аза Атагинская
Гуьйрено аьхке,
Човхаеш, эккхий.
Ц1ен-можа деши.
Дитташ т1е 1аний

Мох карзахбаьлла,
Г1аш д1асаидош.
Мархаш язйелла
Дог1анаш 1енош.

Дог1анах ийна
Ло а ду дог1уш.
Гуьйре д1ачехош
1а ду т1едог1уш.

И шерийн х1оттамаш
Хийцало иштта.
1аламан хиламаш
Дукха бу бийца.