6. Ненан мотт

Аза Атагинская
/Берашна/

Делера схьа – мерза, аьхна
Вайна белла нохчийн мотт.
Дозалла деш нохчо хиларх,
Бийца беза ненан мотт!

Нохчийн маттахь Деле деха
Хьайна дезнарг, теснарг са.
Нанойн шуьрица схьаделла
Делан ни1мат ду иза.

Вай нохчаллин сий ойбур дац
Дайх мел диснарг ца лардахь.
Кхечу къаьмнийн декхар ма дац
Лардан вайн дин, 1адат, яхь.

Делера схьа – мерза, аьхна
Вайна белла нохчийн мотт.
Дозалла деш нохчо хиларх,
Бийца беза ненан мотт!

Азман Джабраилова