Хатуев Абдул-Хьамид

Аза Атагинская
Нохчийн турпалаллин иллешкахь нислуш долу шира дешнаш
07.04.2021

Букара тоьла – корта охьатаIийна бен чоьхьа ца валалуш йолу, лаьттах яьккхина къайле.
ЦIоькъа рема – караIамозачу, акхачу говрийн рема.
ДорхI – гуьйренан малхо дохдинчу лаьттах хьалайолу сийна буц.
Екъа йорт – беречунна лан хала долу говран болар (иноходь.)
Дерматан дуьрстанаш – стоммачу цIоканах йина дуьрста.
Докхан нуьйр – докхан дечигах (березех) йина нуьйр.
Нуьйран гIонжукъа – говрана тIехууш атта хилийта, куьйга схьалоцу нуьйран дечигах йина меже (нуьйран х1оъ).
Децийн дилха – уьстагIийн жижиг.
Гуьржийн цIен чагIар – гуьржаша кемсех доккхучу мустдинчу муттан цхьа тайпа.
Муьшан дечиган текх – карагач.
Къохка дечиган кад – клен.

Акха борц – эрна арахь дIабеза болуш болу борц (дикое просо).
Куьйган кохьар – куьйга хьийзаеш, дама, ахьар, цу боккхуш йолу коьчал (ручной жернов).
Оьзиган шед – дика дабагIа динчу цIоканах йина шед.
Совран ботт – стоммачу цIоканах йина туьран, шаьлтанан ботт (кожаные ножны).
Iаьржа гIалмакхо – черный калмык.
Iаьржа иэр – толлу жIаьлийн цхьа тайпа.
Машин чоьш – гезго маша буцу хьесий.
Иллехь кху кепара далийна ду: оьхучу цIийнна машийн чоьш дагийна, аьлла. Гезган маша багийча, оьхучуьра цIий соцуш хилла.
Дехаран кехат – цхьа гIоли, нийсо, бакъдерг лоьхуш паччахан хьаькамашка яздеш хилла кехат (прошение).
Тхьамда – тобанна хьалхаваьлла стаг.
Сало – токхо (изобилие)
Сет – хIост (отметина)
Сур – эскар, бIо (войско)
ЦІетта – вийначу мостагIчуьнан чIир екхаран тоьшаллина даьккхина лерг, куьг, корта я кхин йолу дегIан меже.
ЦІура – евнух
Сардал – паччахьан векал, наместник царя
ГIера – дуккха а цхьаьна гулъеллачу акхаройх арданг, гIера олу, цунах схьадаьлла ду мостагIийн гIера бохург.
Аьрта лоьраш – шайн корматалла кхоччуш караерзийна боцу лоьраш.
КIайн истанг – кIайчу машех беш болу нохчийн куз.
Мокхазар бердаш – мокхазан тIулган бердаш.
Сухара леча – аренца бен беш долу леча.

Къорза эпсар – бес-бесара духар дуьйхинчу паччахьан эпсарех (драгунех, уланех) олуш хилла.
Ханнийн божал – тIеттIа стоммий дечигаш (ханнаш) йохкуш диначу божалах олу.
Тесина некъ – уьшала йолчохь, я охьатаьIна меттиг йолчохь латта тосуш бинчу некъах олу.
Берцан сискал – берцах (просо) сискал, худар, локъамаш еш хилла хьалха.
Мекха зIенаш – мекхано йиъна, тишъелла аьчкан хIазарех йина зIе.
Огаран буц – хи йисте йолуш йолу сеналла (ковыль).
ГIота – даьхнин керт, цхьадолчу иллешкахь чохь Iен цIа.
ГIундалгIеш – адамал лекха, басар доккху яраш (черная бузина).
Ботт – тур, шаьлта, урс чудуьллу ботт (ножны).
ГIалмакхойн аре – гIамаран аре (калмыцкая степь).
Нуьйран бухка – нуьйр динан букъа тIехь чIагIйо бахтар (седельная подпруга).
Акха эмалк – караIамоза, акха говр.
ГIап – патармаш чудохку гIап, (патронташ), мостагIашна дуьхьал чIагIйиначу меттигах а олу гIап, (крепость).

ГIура – тоьпан молха чудухкург (пороховница).
ГIап – тIамна йина г1ишло (чIагIо).
Истанг – батийначу тIергIан, машин куз (войлочный ковер)
Черт – эрзах йина кIелтосу хIума (рогожа, циновка).
МазлагIа – накхарш лело меттиг.
ГIели диллина ботт – гIелин (олово) кIурбиллина ботт (луженные оловом ножны).
ГIела – стен сай.
Докхан дечиг – береза.
Кера мекхаш – хьийзина мекхаш. «Болатан бурош ва санна, чIабийна ва даьIна, хьан кера и мекхаш», – аьлла ду иллехь.
Базаран бамба – базарахь духку кIади.
Оьрсийн мокха – саттийна шена чудуьллуш (макъарна) масех дитт долу мокха (урс). Кхечу кепара цунах олуш хилла «Завалун мокха» и Завъялов цIе йолчу оьрсийн совдегархочо духкуш хилла дела.
Йохаран гIала – лийрдолу адам санна, юхур йолу гIала боху маьIна ду оцу дешнийн. Изза чулацам болуш далийна ду иллехь: «Йохаран паччахьан набахти» боху дешнаш.
Сетта пошта – говраш южуш йолу хьалдолчу нехан кIеда пайтон (ворда, фаэтон).
БIарз – говрах а, вирах а хилла тIаьхье.
ГIирмийн мохк – Iаьржачу хIорда йисттехь ГIирмин (Крым) гIезалой (татараш) беха мохк.
КIайн ловзар – кхузахь «бакъ ловзар» бохучу маьIнехь лела.
Иштта иллешкахь нисдала тарло кIайн йийсар.
Хьоьхан гирда буьззина цIен деши – липа олучу дечигах йина 12 кийла хIума чухоьа пхьегIа.
ДоьгIначу гIокхана мажар кхеттачу кIантана… – дIахIоттийначу Iалашонна (мишень) нийсалла топ тохар.
Дерматан жуларш – дабагIа диначу цIоканан дуьрстанаш.

Дермат, дабагIадар – цIока шех пайдаэца кечъяр.
Эрмалойн турмал – эрмалоша (армянаша) юхкуш хилла бинокль (подзорная труба).
Анда – болат.
Арц – хьун яьлла лам.
Алаша – южуш лелош йолу говр.
Акъари – ломахь шера меттиг (плато, плоскогорье),
Яйдакх говр – нуьйр тиллаза говр.
Курпал – йоккха топ (мортира).
Йохаран курпал – оьккхуш болу йоккхачу тоьпан хIоъ.
Редакцигара:

Нохчийн халкъан поэто Хатуев Iабдулхьамида (Дала гечдойла цунна) бинарг Iаламат мехала болх бу. Нохчийн меттан цхьана дешан а маьIнадар, дан новкъадаьлла (маттахь шех пайдаэцарна) дош шен «доьзале» юхадерзор доккха хIума хилла а ца Iа. Iабдулхьамида иллешкара схьаэцначу цхьадолчу дешнийн маьIнаш тIедуьзча (омонимаш хила а мега уьш) совнаха цахетарна, довзуьйту оха хIокху дешнийн маьIнаш. Масала: ЦIоькъа – къорза (пестрый); гIонжагIа – торока (гIонжагIе дехка – приторочить, приторачивать к седлу – гIонжагIадехкар); оьзиг – стержень нарыва; остров; сердцевина плетки: совр – шероховатый покров сафьяна; сало – высшее сословие кумыкских князей.
ХIара дешнаш оха схьаэцна А. Г. Мациевн дошамера («Нохчийн-оьрсийн словарь». М. 1961 шо.)
Орга №3. 2020