1. Ахьмад-хьаьжа Къонаха

Аза Атагинская
Берашца цхьа к1еда, мерза, церан тидам беш вара.
Тахана ша хилча вайца,  цо шен хаттарш дийр дара:
- Дийцал, бераш, муха деха, муха доьшу- те аша?
Жоп лур дара, веш и реза, дош луш т1ехдика деша.

Харцуо иэшош, бакъо толош, махкахь барт цо ч1аг1бира.
Машар, ирс, къинхьегам кхайкхош вай толаме далийра.
Кху вайн мехкан, къоман дуьхьа шен са цо ца кхоийра,
Ден деза дукъ шен белшашна дикчу к1анта т1еэцна!

Азман  Джабраилова