Гуьйренан басараш... Краски осени

Роза Дахаева
Гуьйренан басараш хаало х1ора а дийнахь.
1аьткъачу аьхкенна т1ебоьжна салкхенан т1ам.
Йовхонна-йочанна муьт1ахьа сан дог ма 1ийна,
Халонах ца елла,со хууш,1аламца гам!

Лаьар-кха муьлхачу хенах1оттаман муьрех
Даимна схьалаца тоьллачех исбаьхьа сурт,
Сайн деган сатийсам хотта йог1учу 1уьйрех,
Адмашка мийлийта дешнашца даьккхина мутт!

Ас доггах яздинчух хьан дагчу цхьа т1адам божахь,
Кху хазчу дуьненах алсам а боккхуьйтуш чам,
Ма ирсе хир яра уггаре жимчу а к1ожах
Сил-сирла мах х1оттош, иллешца беш дагна там!
Роза Дахаева