Хьехархой

Аза Атагинская
1.
Шайн белхан йозалла белшаш т1е эцна,
Дуьненан 1илма аш берашна хьехна
Х1ора бер шайн дикчу дегнех чекх даьхна,
Дахарехь баланаш, халонаш хьегна.

       Припев:
       Х1ораннан кхолламехь шолг1а да-нана
       Хьехархой, дукха ду шух лаьцна ала.
       Даймехкан дахарехь лоцу аш дакъа,
       Эшначохь ца кхоош, шайн синош цкъа а.

2.
Цецдолий, ийзалуш, бер деъча деша,
Д1ахоьцуш Ненан куьг, шух бераш теша.
Кханене некъ гойтуш, хьехам бо аша,
Хьехархойн дикалла 1ена комаьрша!
 
       Припев:

3.
Дуьненна девза шун г1иллакхаш оьзда.
Вайн берийн кхолламех шайн некъаш доьзна.
Х1ора а воккху аш дахаран новкъа,
Семачу тидамца, куьг лоцуш, ховха.

Азман Джабраилова

***

Музыка  ...
Исп Роза Янгульбаева