Мамакаев 1аьрбина лерина

Роза Дахаева
Отцу и сыну Мамакаевым:1аьрби и Эдуарду.
(В лит.гостиной 5.06.2021)

Хиларх вахар ирча дахар,
шен ирс яздо кхолламо:
Замано а х1у а бахарх,
Баьрчче йоккху син толамо!

жимчохь дуьйна  лайна бала:
гинарг хьоьшу къизалло!
Дагна гена хьоме нана,
дена -гураш- инкарло!
 
нохчо! дакъаза ма вала!
(хаьштиг хилла ваьгна да).
И ц1е эцна новкъавала
Цу заманах дош д1аала
Хьайн дог д1алуш махкана!

мел карзахайиларх  зама,
Буьрса ловзарх цуьнан 1а
ю вайн нехан сирла кхане
К1ант велахь некь д1абахьа

Эду-хьажа,хьо дукха ваха
хьайн халкъана дика дан.
Кхин ма гойла вайна цкъа а
Т1еман бала, шийла 1а!
Роза Дахаева