Маьрша некъаш

Саид Умахаджиев
  Нохчийн къам хиларе маьрша, сатуьйсуш,
  Даймехкан лаьмнашкахь, хазачу ахкашкахь,
  Майрачу аьрзуонца стигал а къуьйсуш,
  Къонахийн синош ду лелаш сан махкахь!

  Ширачу б1аьвнаш т1ехь, къорнеш а хьоьстуш,
  Олхазарш, биркъанаш парг1ат ду дехаш...
  Вайн хьаннаш, вайн лаьмнаш юккъехула цоьстуш,
  Вайн мехка, тахана, маьрша ду некъаш!

  Хьо маьрша вог1ийла, хьо маьрша г1ойла,
  Къонахийн ду1анаш баланех ларвеш...
  Некъ бехка хоьттича, доттаг1ий гойла,
  Шина а аг1онца лаьтташ - хьайн сий деш!