Лоьраш

Аза Атагинская
Говзачу дарбанца дог серла дохуш,
Лоьраша д1акхоьхьу шайн деза дукъ.
Жима а, воккха а цхьатерра лоруш,
Кховдадо цара шайн дарбане куьг.

Б1аьргашчу х1иттина хиш хьулдан г1ерташ,
Кханенах дог дуьллуш, вожийча хьо,
Къизачу цамгаро 1овжийча, вагош,
Беркате куьйгашца  ерзайо чов.

Лоьраша ца вуьту деъначу вуонехь,
Хьоме ду цаьргара эсала дош.
Адамийн б1аьрг бузу дикачу лоьрех,
Шайн куьйгийн шапа1ат ду цаьрца гуш.

Лоьраша халкъаца 1ийшина бала,
Деъначу 1азапах баьккхина чам.
Хийла уьш хьийссина 1ожаллин б1аьра.
Хууш бу царна а дахаран хам.

Дуьненан хаьл- бахам ца лехна цара.
Халкъана эшначохь 1енийна ц1ий.
Цу лоьрийн дикалла ца йицйо наха,
Заманан йохаллехь до церан сий.

Азман Джабраилова