Догдика адам

Аза Атагинская
Де доьхна, иэшамехь ша цхьалха висча,
Даггара ша везаш хилла вверг вевза.
Г1о дан, йа дош- дарба хьоь ала лиъча,
Хьо меттахь висарна кхоьруш, и хьаьвза.

Дуненал беза мах бу дикчу деган.
Догдикчу адамийн комаьршо деба.
Боьссинчу балано лаьцча ваз некхан,
Гуонаха волу и, лууш и байбан.

Азман Джабраилова