Байтанчин дош

Роза Дахаева
 
                Шайхи Арсанукаевна 90 шо кхачарна лерина


Йоьдуш ю зама шен юьхьсибат хуьйцуш,
Масане вуьсур ву лар ца карош.
Адамаш мел деха мотт-хабар дуьйцуш,
Дуьненчу лелар ду къонахчуьн дош.

И дешнаш, цо садетташ, лаьмнех тардина,
Дахаран ойла еш, къагийна беш,
Сийначу хьаьннашкара хьаьркаш гулдина
Говзачу пох1манца маъ1на  хаздеш.

Декалахь, бакъонца, байтанчин дош,
СилА долу адамаш х1оттош хьайн теш:
Хьан деган лаамца ду и карош!
Хьан синан пхенашкара тухуш ду ткъес!
Роза Дахаева 2020