Ма яла аьлла лоьраша ара

Роза Дахаева
Ма яла аьлла лоьраша ара,
Ларъелча бакъахьа ду хьо шелонах,
Иза-м ца хетара суна кхин бала,
Новкъа бу  суна кхин тайпа мох.

Карзахе, дог 1овжош, милла а вистхилахь,
Я сихлой дош кагдеш даккхахь цо дов,
Сан дагна вас хуьлу,и лору аса къилахь,
Оьздачу сибате къахьал ца тов.

Йовхонна тоьар ю т1ейоьхна бедар,
Амма сан дог шелдо схьакхетча тов
Дастаме къамелах, хоьтуьйтуш ледар,
Вовшашна еш йолу ца йоьрзу чов.

Варелаш, варелаш, ларлолаш дашах,
Даш санна деза ду вай аьлла дош,
Дехалаш  вайн Деле,набарах, самах,
Син бахам 1аийта марзо гулош!!!
Роза Дахаева