Дашо т1орказ, Нохчийчоь

Роза Дахаева
               
    (Хьекъийла вайн нохчийн мотт!)
               

Дашо т1орказ х1инццалц къевла дари техьа Нохчийчохь?
Синан кхетам–сирла ойла чиркхах лета дегнаш чохь.

Дуьйцуш дара- хир ю зама, дешех буьзна вайн Даймохк.
Новкъахь 1уьллуш  дахна 1ана, меттиг йоцуш баккха ког.

Х1инца хьовсал, самадовлий, гуш ду шуна -дашо варкъ:
Х1ора дош  жовх1аран меха- алсам буьйлу синан х1орд!

Дешех дуьзна долу некъаш, нохчийн синойн з1енарш ю,
Нохчийн маттахь хьекъал хьекъаш вай и ялта гулдийр ду.

Зама, б1ешерашкахь йийцина, лепаш  хета хьан серло.
Дакъазалла ирсах  хийцина парг1ат  дала  къам тарло.

Хьоме накъост! Шек ма вала!
Вайн лаьмнашкахь 1енна ц1ий,
Лардеш  вайн даймехкан сий,
Довр дац эрна, эрна ара
Дуьсур дац къам, мел хили,
Ненан маттахь олуш илли,
Байташ  язъеш къонахий!

19.04.2021  Роза Дахаева