Ковказан йо1 ю со

Роза Дахаева
Ковказан лаьмнийн  цхьа
исбаьхьа духар -
Вайн нохчийн баккхиройн чоанаш санна.
Йо1 хила ца еъча йог1ур яра муха,
Уггаре тоьлла дош дуьтур дара хьанна?

Хьан ц1енчу х1аваах дог 1або хьоьгуш,
Генарчу Г1ум Азехь догура са,
Ненаца шерашкахь дей-буьйсий лоьруш,
Сийдолу и Даймохк сатуьйсуш ган.

Д1о лаьтташ хетало дендай схьахьоьжуш:
Дасталур дуй техьа соьга и ков,
Цу т1улгийн лазамийн весеташ доьшуш,
Иэсан гуламех лакхайоьккхуш б1ов?

Ворх1е дех дисинчу дахаран мукъам,
Ткъес тоьхна аьгна болу кийрара мохь,
1аламо схьакхоьхьу шабаршца узам,
Ца яйта вайн дайша ларйина юьхь.

Ковказ,со ю хьан сица д1аийна,
Хьоьца ас дехира даккхий синош,
Хьан г1иллакхех, балех, маь1нех дуьззина
Барамца дуьстина дош ца карош!

Со хьоьца йилхира,хьоьца егира,
Хьоьца ас лайра цу т1еман бала,
Хьох илли даккха хийла со хьийгира,
Х1инца -ма парг1ат ю хьох дош ала.

Х1ара дахар вайга хьежарах гома,
Я 1ехош,кховдорах дуьненан беш,
Т1улг хила реза ю дай баьхначу ломах
Б1аьстенца тергал деш зазадоккху стеш.

Дуьненан дарба ду ламанан шовда,
Нохчочун ламан бохь-холхазан куй,
Машаран некъ буьллуш шипон т1ам кховдор,
Хелхарца дегнашкахь лоьтуьйтуш суй.

Безам ас кхайкха бо Даймехкан сийдеш,
Дагчу сан кхоллало Ялсаманин сурт,
Лаьттийла нохчочун, хьоьжуш къилбехьа,
Дахаран мах х1оттош,ше махкахь чурт!
 Роза Дахаева 21.03.2021