18. Бакъ безам

Аза Атагинская
Нанас шен бер шина куьйга,
Доггах хьоьстуш, къуьйлу мара.
Хиларх дукха, берех муьлхха
Нанна ду дуьненан меха.

Нанас йо1, к1ант ца до къеста.
Шен ц1ийх даьлларг ма ду деза.
Сиха хиларх, хьаьдда- едда,
Берийн хьашташ дитац тесна.

Маракъовлу шен бер нанас,
Куьйгаш ду цхьа к1еда, ховха.
Детталуш ду ши дог цхьана,
Цхьана ийна дегнийн йовхо.

Бер ду доггах доьлуш нанна,
Б1аьргаш серладевлла церан.
Юьхь ю екхаелла беран.
Декъал хуьлда и бакъ безам.

Азман Джабраилова