Сан йиша-доттаг1а

Аза Атагинская
Доттаг1а, йоккхайе, хьо сайн хиларна.
Кхолламо вайн некъаш дуозарна цхьана.
Синтем бу уллехь хьо хилча сан дагна.
Хьо йовзар лоьру ас мах боцу хазна.

Цхьадолу къайлахдерг ду сан хьох тешна.
Хаалахь, йиш яц сан хьо йита тесна.
Сан деган марзо ю хьоь кхийдаш денна.
Дикалла ю хьоьца дала схьа елла.

   Т1аьхьара алар:

          Тешаме доттаг1че дагара дуьйцуш,
          Еха со дуьненчохь айбина корта.
          Хьох ала дукха ду мехала дешнаш.
          Ца хилча йиш йоцу сан йиша- доттаг1.

          Сан хьоме доттаг1а, сан мерза йиша,
          Хьан дуьхьа хало лан хир ю со кийча.
          Хьо ю сан дахарехь йист йоцу марзо,
          Сан синна дарба ду хьан деган йовхо.

Хьан деган комаьршо цкъа а ца хедаш,
Г1айг1ане ца хуьлуш, ехийла г1оза.
Ехийла, кураллин хьаса ца бевзаш,
Хьан дуьхьа хало лан хир ю со реза.

Даго хьо харжарна дохко ца яьлла,
Сан йиша санна хьо даго т1елаьцна
Сайн дерриг д1алур ду, долара яьлла.
Сан йиша- доттаг1а, хьо г1оза яха!


   Т1аьхьара алар:

          Тешаме доттаг1че дагара дуьйцуш,
          Еха со дуьненчохь, айбина корта.
          Хьох ала дукха ду мехала дешнаш.
          Ца хилча йиш йоцу сан йиша- доттаг1.

          Сан хьоме доттаг1а, сан мерза йиша,
          Хьан дуьхьа хало лан хир ю со кийча.
          Хьо ю сан дахарехь йист йоц марзо,
          Сан синна дарба ду хьан деган йовхо.

Азман Джабраилова

***

Музыка Медни Асхабовой
Исп. Янгульбаева Роза