24. Некъал дехьа волуш

Аза Атагинская
Иномарка  чехка йог1у,
Ю и болар сиха долуш.
Сихалла яц атта лаг1луш,
Хила веза новкъахь ларлуш.

Дезнехь некъал дехьа вала,
Аьрру аг1ор хьажа хьалха.
Машен яг1ахь, собар делахь
Некъ хадош, д1а ма хьадалахь.

Аьтту аг1ор хьажа т1аккха,
Сих ма лолахь машен яг1ахь,
Некъа т1е ахь ког ма баккха.
И д1а яххалц, х1оттий латта.
Цу аг1орхьа машен яцахь,
Некъ хадабай, хьо д1аг1олахь.

Азман Джабраилова