10. Йо1 а, тилпо а

Аза Атагинская
Нана, соьга тилпо лохьа,-
Йо1а дехарш хезадо.
Нанас олу,- цулла  малхе
Ялий, жимма йолало.

Уьйт1ахь лулара йо1 гича,
Цхьа самукъаделира.
Къамел дина, цхьа хан яьлча,
Ши йо1 ловза елира.

Х1ара пеш ю,- олуш бертал
Деък1ов г1утакх диллира.
Мутт  чохь хилла банка лехна,
Пеша т1е яй х1оттийра.

Уггар мерза жижиг вайн ду,-
Ши т1улг яйчу тесира.
Чопа йицлахь, чорпа "пал" бу,-
Олуш, чопа ийцира.

Таьллан бекъа сара лехна,
Кагбеш, галнаш хедийна.
Г1аш лахьийна, шун кечдина,
Жижиг даьлча кхихкина.

Галнаш сихха яйчу тесна,
Чоьлпа- г1аж чухьовзийра.
Уьш кхихкина евлла, аьлла,
Юу сурт а х1оттийра.

Ши йо1 къиежа, вовше хьоьжуш,
Реза ю шайн ловзарна.
Мерза-м ю вайн галнаш,- олуш,
Кхана ловза барт хилла.

- Нана, суна дов ма делахь,
Аса г1амарш кегорна.
Ахь соь тахна тилпо еллехь,
Со чохь 1ийна хир яра.

Йо1 д1аяхча юьхь, куьг йила
Шиех-ха Нана къежира.
Кхана цуьнга и ца яла
Шен ойланца сацийра.

Азман Джабраилова