22. Некъ а, берийн ловзарш а

Аза Атагинская
Бераш ловза магош йина
Г1аланашкахь меттигаш ю.
Машенаш ца йог1у цига,
Шайн дог 1абош, ловза йиш ю.
***
Некъа юххехь ма ловзалахь!
Кхераме ю тротуар а.
Машен йоьхнехь, я галъялахь
Бохам хиларх лардойла вай!
***
Когах едда буьрка новкъа иккхи,
Цунна т1аьххье жима к1ант д1аведи.
Сихха тормоз таса шофер кхии…
Буохам хиларх и к1ант Дала ларви.
***
Вилиспет, я когхохкуриг эцна,
Ма валалахь цу машенийн новкъа.
Машенан чкъург сацо  атта дац-кха,
Кхерам бу хьо лазаварна, т1аккха.

Азман Джабраилова