23. Некъа т1ера моханаш

Аза Атагинская
Некъан к1айн- можа моханаш
Некъаш кечдан йохкуш яц.
Некъаш т1ера д1асахьовзарш
Уьш ца хилча ларлур дац.

Некъ д1абоьрзу, гола туху,
Юха боьрзу, хадабо.
Некъан моханаша дуьйцу
Машен муха ерзайо.

Цу моханийн терго йича
Нийса лела хуур ду.
Бакъо 1амош бераш хилча,
Бохамах уьш ларлур ду.

Азман Джабраилова