25. Светофор

Аза Атагинская
Светофор ю б1аьргаш детташ,
Низам лардан х1оттийна.
Некъал дехьа- сехьа волуш,
Кхерам боцуш лелийта.

Леррина хьо д1асахьажа.
Ц1ен б1аьрг бета болалахь,
Бакъо ло цо машенашна,
Хьо собар деш, латталахь!

Можа б1аьрго «кечлуо» боху.
Баьццара б1аьрг  ахь ларбе!
Некъан болам цуо схьабосту,
Маьрша буьту цо хьан некъ.

Бакъонаш вай 1амо еза.,
Даим дагахь латтаеш.
Светофоран г1оьнца лела,
Некъан бакъо лар а йеш.

Азман Джабраилова