21. Ларйе некъан билгалонаш

Аза Атагинская
Дийцал суна, хаьий шуна, бераш,
Урамашкахь леларан бакъо?
Гушдолчуьнан терго аша йелаш,
Тидме оьцуш некъан билгало.

Хьулу некъ галморзие йолуш, йоцуш.
Массанхьа ца лаьтта светофор.
Варийлаш, шаьш некъал дехьа довлуш,
Моханаш т1ехула бен ма г1уо.

Леррина  к1айн моханаш а йохкуш,
Некъийн говзанчаша хьоьгу  къа.
Г1ашлой д1алелийта кхерам боцуш,
Мало ца йо шуна аьтту бан.

Азман Джабраилова