***

Асет Халикова
 Бераллех дагалецамаш
Бай т1ехь со ловзушшехь, яхара ког акха бералла,
Куча т1е 1енадеш, ас морза кхоьххьушехь лулара…
Даима дов дарца хуьлура сан ненан хьастар а,
Бешарчу дитташка сайн деган къайле ас ястар а…
Бералла – хьо деган самаьрша хьоза,
Даг чохь ас лардина хьан синан йоза.

Диттан га кагделла, цуьнца со цкъа лаьтта йожар а,
Стом боьхуш х1инца а хила ца кхиъначу 1ожера,
Тулг1енаш керчочу хино сан мача д1аяхьар а,
Лулахойн кевнах со т1ехъяла ж1аьлах ца яхьар а…
Бералла – даг чуьра тийналлин г1овг1а,
Хьох дагалецамаш хуьлу-кха ховха…

Стиглара чубужу седа а боьду шен маре,
Бохуш, сан буьйсанаш седарчийн той лардеш ихна,
Х1ора сайн 1уьйре а со йоккхахилийта яре,
Хьоьжуш д1аяхначу бераллин хи даг чу ихна…
Бералла – сан синан зазане б1аьсте,
Хьайх 1абош ца хилла-кх цкъа а хьан хьастар.