34. Партал ча

Аза Атагинская
Стомма ю и гуьйриг санна.
Болар до цо, техкаш партал.
М1арашца цо охку латта,
Лерина цо лоьху напг1а.

Ц1аьххьана д1аэккха иза
Кхийсалуш, и йоду сиха.
Цкъацца, керчаш, 1инчу хьоду.
Т1ехьа когаш т1е а х1утту.

Шена кхерам тосабелча,
Шен партал хат1 хуьйцу чено.
Корта ойъу, ша шек яьлча,
Хьожа йохуш, мара хьебо.

Лата кечло хьуьнан экха.
Г1иг1 деш, йолало и 1еха.
Онда ницкъ бу ченан дег1ехь.
Хьуьнхахь ларлуш хила веза.

Азман Джабраилова