Делан ц1а лаьттина беркате майда!!!

Раиса Абубакарова
Хазаллех цхьа хазна , беркатах цхьа беркат ,
Цоцаноьвл хаз йина цхьа къайле йайни шун ?...
Гуьйранна , 1ай , б1аьста , аьхначу цу аьхка ,
Ша тайпа хазаллех , хин юккъехь  лаьтта дит ...

Луьрачу шин т1амах вайн Дала лардина ,
Чехка и хин 1овраш уллохь чекх туьйсуьтуш ,
Баланаш сов буьлуш , доьхначу дуьненахь ...
Холкъан дог айадеш , куц хазлуш лаьтта и ...

Гуьйренца хьо водахь , шен дашо г1аш  хьерчош
Кийрара хьан бала д1аоьций дужу г1а ...
Шийлачу 1аьн юккъехь , орцанца т1е  воьхуш ,
К1ац йиллин геннашт1ехь хьан дагчур г1айг1а го .

Ткъа б1аьсте т1е йог1уш , дог оьцуш гойту цо ...
Г1а тосу патаршца дахаран керла хан .
Хиллариг , дайнариг кхи карла ца дохуш ,
керлачу дахаре шеца д1акхойкху цо !...

1ай , б1аьсти  д1а яьлча ,аьхкенан йовхонехь ,
Делан ц1а лаьттинчу майдане кхойкхуш хьо ,
Техка и 1индаг1 луш баьццарчу к1ажаршца ,
Йовхонехь шело луш беркатах гу бина !...

Вайн Дала и майда беркатна лар еш ю ,
Устазаш , оьвльяаш ламазн гор латтарна ...
Маликаш доладеш , 1индаг1 луш кхиъна дитт ,
Теша тхо , махканна бяьркат ду , лаьттачахь !!!....

  10 . 12 . 2020 г / Джабраилова - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CIqC1JCnmJm/?igshid=fyotj8om28qa