Вайн Махкара Дайна Нур!!!

Раиса Абубакарова
Вайн махкан х1оьттина тезет ,
Нур хилла - мехка  дозалла ...
Вайн - ЭЛЧАН ( 1 с в с ) Варис д1а ваьлла ,
Бода бу махкана беънарг !...

Беркатан Да -  вара бохуш ,
Исламан дин ч1аг1дан веъна ...
Оьйсхарар Хьаьж - Абубакар !!!...
Д1аваьлла , орца  ду  дохуш !....

Т1ехьхьарчу новкъа хьо ваккха
Гулбелла бусалбан бода ...
Х1оранна ду хьоьх дош ала !....
Вай Дала къинхетам  балла !!!

Тхан мехкан дозалла дар хьо !...
Исламан къегина Нур
Ткъа тахна махкана  бала
Хьох довлуш доркъане гур !..

Къинхетам бойла хьоьх Дала !
Веза хьаша - оьцийла т1е ...
Хьан беркат дуьтийла Дала
Х1ара дюьне къагийна - НУР !!!

25 . 01 . 21 г /  Джабраилова - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CKvXhbhnd_2/?igshid=84e1ebbwv49