Нохчалла!!!

Раиса Абубакарова
НОХЧАЛЛА -- ойланехь чулацам ма к1оргге бу хьан !!!
Йаздарехь доца дош , сийлаллийн лаккхара мах !
Ойланца таллам беш, ладуг1уш жимма къахьегча ,
Гучуйолу вайн къоман ша тайпан турпалхойн  васт !!!

НОХЧАЛЛА -- хьан кхоччаш маь1ан дан хуур дац  нагахь ,
Хьайн къоман даггара т1ег1ерташ ,  сагатдеш вацахь !
Аганахь 1амийна  ненан мотт  буьйцуш хьо вацахь ,
Бицбина !  Т1еэцна мостаг1чо  марзбина  мотт !!!

НОХЧАЛЛА - аганахь юьззина хьо кийра таръеш ,
Нанас шен  иллешца  д1а иеяьш  сий  долу  йахь ,
Тахкийна  шен ага , узум беш  хьо дагчохь  йаржош ...
Тхан деган пхенашка х1оранна кхачийна  д1а !!!

НОХЧАЛЛА - аганахь 1уьллучу  бераллийн хенахь ,
Хьайн къам ахьа дола деш  кхиийна ца тосуш д1а !
Кхетийна , вайн дайша гайтарца г1иллакхан доза ,
Харцонах  ларвала - хьехар деш 1амийна ахь !

НОХЧАЛЛА - дуьххьара бера ког ахь лаьтта  буьллуш ,
Хьан лаьмнаш  ницкъ белла , ч1аг1  бина  г1оранца  ког !
Хьан шийла  шовданийн  ц1ена хи  ца 1ебаш муьйлуш ...
Кхиийна  дог ц1ена , ца евзаш йамартло , хьаг1 !...

НОХЧАЛЛА - дуьххьара сира дин хьо лар йан бужуш ...
Мостаг1ий  кхийрина , хьо йолчахь харц ала дош !
Хьан ницкъан  к1оргенаш х1илланца - къайлаха охкуш ,
К1орггера орамна  т1екхача ца тоьъна  ницкъ !!!...

НОХЧАЛЛА - хьо йожо , сий дойуш , кхи  ларам  боцуш ...
Ненан мотт  къахьбина , букътухуш х1оттийта д1а ,
Вайн дайша лардина  1адаташ диц  дайта г1ерташ .
Марз йина вайна йуккъе ц1къа а  ца йеана кеп ...

НОХЧАЛЛА - т1аьхьаьнна  хьох эца масалл ца дита ,
Дуьненчур  лар йойуш  кхачадан  турпала къам .
Аллах1а  деллачу 1аламан  хазаллах даха ,
Хаалаш , мостаг1чо цхьа ондда хьоьгийла  къа !...

25 . 01 . 21 ш .  / Джабраилова - Абубакарова Раиса /
https://www.instagram.com/p/CKb_Lopnq57/?igshid=1nqt3zg19v2mg