Кадам!!!

Раиса Абубакарова
Мацах , цхьан ширачу , йаханчу  хенахь ,
Ши доттаг1 хилла бах вайн махкахь вехаш ,
Хилла бах цхьа башха гергарло дезаш
Йоьдучу хенаца марзо ца хедаш ...

Дика - во деанчахь хилар бах цхьаьна ,
Дог ойуш , дог оьцуш б1аьрг бюьзна неха ,
Шайн чохь дерг - доцуриг вовшашка далхош ,
Г1о эшна халонехь каде т1е кхочуш

 Хан зама д1айодуш мухха нисделляьхь  ъ...
Д1аса валар ,1ар - вахар нисделла генахь
Цу муьрехь цхьаъ висна нана д1аяьлла ,
Ткъа  важа т1е кхача цхьаа аьтту боцуш .

Шо шере делир бах аьтту ца болуш ...
Дог эца доттаг1чун т1екхачар доцуш ,
Цхьана дийнахь  ка  даьлла дуьхьала веъча
Долийр бах доттаг1чо кхетаван дийцар ...

Да нана д1адаьлча хилла д1алелаш ,
Йиш - вешийн марзонах ваьлча а лелаш ,
Ма виса б1арз велла аьттунах хаьдда ...
Дег1ачохь саъ долуш , цхьаа дан г1о доцуш !...

Корта шен оллийна доттаг1 т1е веъча
Кадам схьаийцир бах мара а къовлуш ,
Къинт1ера валалахь , ша ледар хилла ,
Нисвалар муха ду хьажа ца кхиъна !

Ша тайпа марзонаш лелийна дайша ,
И марзо йитина йицйай ма 1айша .
Лелийна г1иллакхаш карла а дохуш
Марзонаш ч1аг1  йе  шайх масалла гойтуш ?!...

22 . 01 . 21 ш . /  Джабраилова - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CKWrLhaHkCR/?igshid=1g7natppt1hr4