Ненан лазам

Раиса Абубакарова
Сингаттам бала бу сан дагчу бижна ,
И байбан д1абийца да - нана  доцуш ,
Къа хета , дог хьаста йиш - ваша доцуш ,
И Аллах1 Дела бен кхи накъост воцуш !...

1уьйренийн  баланаш сайн  дагчу  къуьйлуш
Суьйренийн  сингаттам ойланехь  хьийзаш ,
Замано йина чов , мохь бетташ йалхош ...
Ладуг1уш , собар луш - ву Аллах1 Дела !..

1уьйрене са туьйсуш сайн коре юьйлуш ,
Суьйранна ла дуьйг1уш не1 туху ларъеш ...
Хан зама д1аяларх варе са туьйсуш ,
Вист хуьлу аз лардо вайначу к1ента ...

1уьйренца ойла йо - мичахь ву? -  олий
Суьйренца ойла йо - мецвуй - те ? - олий...
Б1арз елла хьоьвза со , са карзах долий ,
Са тедо - и ларвеш  Дела ву олий !...

1уьйренийн син маршо хуьлийла хьуна !..
Суьйренийн къинхетам хуьлийла хьуна !..
Хьайга са туьйсучу , ц1а варе хьоьжуш ....
Ас боккху собар - мел  хуьлийла хьуна !!!...

1уьйренаш йог1ар ю вай цхьана кхеташ ,
Суьйренаш йог1ар ю марзонаш оьцуш ,
Зама а йог1ар ю дерригге дицдеш ,
Марзонан кхерчара - кхачанах кхеташ !!!...

22 . 01 . 21 г / Джабраилова - Абубакарова  Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CKYF9XJHQmE/?igshid=1ovcq89bsmuvw