Диц лур дац!!!

Раиса Абубакарова
Диц лур дац - ийалуш лаьмнаш т1ехьа хьежар ,
Харцонна  г1орийна , ша бина шелонах лаьлхар,
Шовданаш дилхина хи кхачош , хи доцуш дисар ,
Хьаннашкахь экханаш  вайна т1ехьа биттина б1аьрг !!!...

Диц лур дац -  вайн йарташ йохаеш , къа доцуш атар ...
Урамаш , дассадеш х1оттадар  къематан  де ...
Бехк боцуш махкаха даьхна вайн сий долу  къаьмнаш !...
Харцонца йожийна вайн къаьмнийн сийлахьан ц1е ...

Диц лур дац - т1е кога схьаэца а , йоха - ъ ца ларош ,
Берашна кховдадан ца хилар  кхалларан цуьрг !
Йиш - ваша , дех - ненах къа доцуш , къестадеш даахар ,
Бина некъ , биц лур бац , халонна диттина са !...

Диц лур дац - цу сибрех  хан яьллач хенахь д1акхачар ,
Чу даха тхов боцуш , лайн йуккъе къа доцуш  кхийссар ...
Мацаллан , хьогаллан , шелонна тоха са доцуш ,
Кхазахи йижарша комаьрша йишалла дар !..

Диц лур дац - бохбина шуьри кад мецачу берашна баош
Бух таса , лаьтта т1е , къа хеташ , бамбийн гоь йар !
Цамгаро г1елвинарг дарбанна лоьран т1е кхачош ,
Диц лур дац - кхазахи вежарша  вошалла дар !...

Диц лур дац - хало ловш , вовшашка хилла къинхетам ,
Дика - во цхьабосса ца къастош дерзадар  д1а ....
Вовшашка комаьрша къинхетам , вовшашца ларам ....
Биц лур бац - цу махкахь вайн хилла  ца буху - барт !!!

26 . 01 . 21 г / Джабраилова - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CKgwUNcHF_y/?igshid=1bv2zbt4vem4a