Вайнеха к1ант!!!

Раиса Абубакарова
Х1ара тоба кхоьллина ахь , сан ваша Сайхан ,
Сий  долу  къоман  дай декъашхой  х1иттош ,
Вайн къоман дийцархой - долуш дерг дийца ,
Мукъамхой - дийцинарг мукъаме дерзо !

Илланчаш иллешца адмийн дог дастийта ,
Хьехархой галдолу дош нисдан хьовса ,
1илманах цакхетарш -1илманца г1о дайта ,,
Нохчийчохь нохчалла - барт болуш  д1агайта !

1алашо йара хьан вайн марзо ч1аг1ъйайта ,
З1е нисъеш дуьненна  уьйр - марзо д1агайта ,
Вай декхар кхочуш дан , вайн Далла хьалха ,
Ахьа дечух пусур деш  к1езиг  бу - кх  тахна !

Нохчо ву - со бахарх , нохчо - м ца хуьлий ,
Шен къомах даггара дог лозуш вацахь !
Шен къоман г1о оьшуш доьхначу дийнахь ,
З1е нисъеш мог1ара д1ах1уттуш  вацахь !!!...

Нохчийн ц1ий долуш ю - ахь кхоьллина тоба ,
Дог лозург хьагуш ву - " МАРЗОНАН КХЕРЧАХЬ !!! "
Говзалла йолуш  верг -  махкана вовзуьйтуш ,
Шайн йоцчу таронца  вовше г1о лоцуш !!!....

Цхьаъ т1амехь - б1аьхо вац , мел каде хьийзарх ,
И лиеташ г1оъ ца деш , хьоьжуш верг - к1илло !
Аттам ду геннара б1аьрг баьтташ латта !
Ша волччахь мах хадош , цахезехь цхьанна !!!

Мичхьа бу 1илман дай - улло ца х1уьттурш ?!...
Вайн нана нохчийчоь кога ца х1оттош !!!
Вайн шар1ан 1адаташ духуш  бац бала !
Ткъа дерриг нисделча - м  хир ду шу хьалха !!!

Дош аьлла вистхиларх - багар лан дужур дац !
Дог лозуш ша волчо сий пусур дийр ду хьан !
Вайн мехкан доьналла дуьненна  д1агайта ,
З1е нисъеш  х1уттур ву , дог лозург улло !!!

Сий хуьлда нохчий к1ант - вайн къома турпалхо !
Герз тоьхна чов йоцуш - байташца бо ахь т1ом !
Къомах дог лазарна  г1о - аьтту лоьхуш ,
Х1ара тоба кхолларна , баркаллах1 хьуна !!! ...

07 . 02 . 21 ш /Джабраилова - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CK-vW9PHdHR/?igshid=luy2147cnoar