Сан йиша - СИМА!!!

Раиса Абубакарова
Йовхо ю хьо йолччахь - Элпи лам  башо ,
Серло ю хьо йолчахь - боданах вала ,
Безам бу хьан  дагчохь - г1аддайнарг хьаста ,
Собар ду хьан сица - лекха  лам  баккха !!!

Доьнала  вай Дала совг1ат деш делла ,
Хьекъал ду мел говза 1илман дай  хьега ,
Кхетам бу , вайн  Дала  делларг д1акхехьа ,
Хьоьх лаьцна дукха ду тхан дийца Сима !!!

Дог ц1ена хиларна -  атта ду яха ,
Сирлачу ойланца -  халонаш цяьста ,
Хьуьнарах йоьттина - лекха б1ов санна ,
Хьан ц1енчу ойлане кхуьур вац цхьа а !!!

Т1е хьаьжна г1орасиз , ницкъ  белла Дала !
Хьан кийра цатарлуш хиларна бала ,
Вайн Аллах1 Дела ву ахьа накъост лаьцна !
Шен  Дела малайкаш орцанна делла !!!

Декъала  хуьлда  хьо  тхан хьоме  Сима !
Вайн Делан кхелана хилла хьо  реза !
Собарах ца юхуш ахьа доккху г1азот !
Къобул деш , дуьненчохь ехийла г1оза !!!

Турпала мехкарий - турпала НАНОЙ !....
Вайн мехкан  дозаллах -  масалла  эца !
Вайн НОХЧО - къома йо1 , вайн къома - НАНА ,
Доьналла , йахь йолуш , собаре  хилла !!!

Сий хуьлда Нохчийчоь - Турпала НАНА !!!
Йахь йолуш кхиъна ахьа кхиийна доьзал !....
Турпалхойн  къам ду хьан  айина корта ,
Доьналлех  ца  духуш -  хьанал  къахьоьгуш !

Сий хуьлда сан Даймохк , дай баьхна латта ...
Хьан сий деш мотт ларбеш г1ароллехь лаьтта ,
Сий долу , йахь йолу йиш -ваша мел ду ...
Кхерам бац - сий дайна хьо боьхна хьийза !!!

09 . 02 . 21 ш / Джабраилова - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CLCuVZ7n26G/?igshid=14fcndx1a772a