Дуьненан Бала!!!

Раиса Абубакарова
Бала бу - олу вай хало т1е еъча,
Вай дайша лайнарг бу - халонан бала .
Доьналлах ца духуш даьккхина г1азот,
Къобал деш оьцийла Везачу Дала !

Бала бу ма ала шайн махкахь дехаш ,
Мохь туху хезачахь йиш - ваша хилча .
Мацалла - хьогалла ца  гойтуш шайна ,
Шен уммат лардеш  верг вайн Элча (с.а.с )хилча !

Валар  йа висар - вайн махкахьа долуш,
Са гатлуш т1е вахча - кошан барз болуш ,
Тезеташ латтадан таронаш йолуш ...
Саг1анах кхоьтуьйтуш д1аволлар долуш !

Вай Дайша лелийнарг дицделла вайна?!...
Наноша хьегнариг дицделла вайна ?!...
Цу сийнач сибреха т1ехь , когахь доцуш ,
Хьайбанах тардина махкаха дахар !!!

Мацалло хьовзийча т1улгийн йай боккхуш ,
Шай доьзал 1ехабеш кхоьаш ю бохуш !...
Беро  ч1икъ баьккхина хазийтар доцуш ,
Йаьхьна хан сибреха и хилла бала !!!

Нанас шен даларчу дирзина бераш ,
Шен дег1ан меженах ира урс туьйсуш ...
Даьхначу дилханах чорпийн кад баккхар ,
Са тухуш , ца йолуш  саг1ийна  ара !!!

Ойла йе йижарий , хьомсара наной !
Цу дийне ла доьг1ча бац вайгахь бала !....
Хало ю х1оьттинарг вай ду цунн бехке ,
Деллачу 1аламан пусар цадарна !!!

Оьг1азло гайтина Аллах1а Дала ,
Къинхетам бина шен байбина бала !
1осалла сацайан , адам юхтухуш ,
Ойлаеш цахилахь - 1азап дуй гойтуш !

Къинт1ера валахьа йа Аллах1 Дела ,
Тхо дохко доьвлла хьан некъах тиларна !...
Дуьненчохь ахь йаккха йитинчу хенах
Тоба до нисдала , иман совдоккхуш !!!

11. 02 . 21 ш. / Джабраилова - Абубакарова Раиса /
https://www.instagram.com/p/CLJXoC2H3AB/?igshid=jhmcj11l8z8y