Дег1аста урдунерчу нохчочун б1аьргашца!!!

Раиса Абубакарова
ДЕГ1АСТА  УРДУНЕРЧУ  НОХЧОЧУН  Б1АЬРГАШЦА !!!

ДЕГ1АСТА - маршалла д1аэца хьайх доьвллач г1ийлачу доьзалан !
Бехк боцуш , бертаза хоьх даьхнач - ненах бер санна !
Геначу Урдуне кхечначу б1е шо сов хьалха ,
Хьан х1ора ламанан шовданаш тхайн дагчохь муьйлуш !

ДЕГ1АСТА - хьо гаре сатуьйсуш хийла дай кхелхи ,
Т1аьххьара хьаьжна б1аьрг хьан аг1ор - мелачу хица ,
Т1аьххьара аьлла дош - 1ОДИКА ЙОЙЛА ХЬАН ДЕГ1АСТА !
САТИЙСАРХ ХЬО ГАНЗА ВОЬДУ СО , КЪИНТ1ЕРА ЙАЛА !

ДЕГ1АСТА - тхан дайша йицарехь ,1адаташ довзарна йезна хьо !
Хьан оьзда г1иллакхаш лардина тхан дайша вовшашка !
Нохчийн мот 1амабеш т1аьхьарчу т1аьхьенна марзбарца !
Сатуьйсуш хьо гаре , цкъа мара хьарча хьан  1аламна !!!

ДЕГ1АСТА - сатийсар сов даьлла кхечи со хьан шовда мала ,
Б1аьрг тоха т1омара хьан стигал баххьашка ваьлла ,
Ги суна хьан лаьмнаш , бос хаза хьан юькъа хьаннаш ,
Тхан дайша йийцина аренаш , дарбане шовда !

ДЕГ1АСТА - тхан дайша сагатдар хьо бахьнехь эрна цахилла ,
Хьан хаза 1аламна мегар ду б1аьрза сагатдан ,
Тхан дайша иллешца далхадар хьоьх долу беркат ,
Вехар ву  хастам беш , хьан хазна йиц ца луш валлалц !!!

18 . 02 . 21 ш / Джабраилова - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CLci341HLYC/?igshid=1td577zk33j2o