Виначу денца!!!

Раиса Абубакарова
1уьйренаш декъал йо сан хьоме ваша !
Суьйренаш декъал йо сан дика ваша !
Хьо вина деза де лераме лаьцна ...
Хьан сий деш яздо ас х1ара илли хьуна !

Лаьмнашкахь лекха лам хьан ц1арах харжжал ,
Цу ломан лечан ц1е  Ваха - Хьажа тиллалл !
Веза ву йишийна хьомсара ваша ...
Йишийн дог дуьзна к1ант хьо волу дела !

Хан - зама мел йолу хьан б1аьра хьоьжуш ,
Йоьдучу замано шераш т1е тохарх ,
Сан дагчохь лаьтташ ду, вай кегий долуш ,
Хьан хилла аматаш , хьан лелар - болар !

Декъала хуьлда хьо сан хьоме ваша ,
Дуьненан самукъа хьо цхьаъ ду суна ,
Ломара лекха б1ов йохонза хено ,
Цунах тер лаьтта хьо къар цавеш замано !

Сий хуьлда Ваха - Хьаьжа массо а хенахь ,
Дог доьхна , дог эшна хьо цкъа ма гойла ,
Ирс - аьтто латтийла вехачу кертахь !
Могшалла латтийла  денна сов юьйлуш !!!

18 . 02 . 21 ш /  Джабраилова - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CLbje1RnFH3/?igshid=j0s37icq91kt