Ойсхарар Маьх1ди - Хьаьжа!

Раиса Абубакарова
Вай Элчан ( 1.с.в.с ) гергара сий долу 1елим нах ,
Вайн махкан дозалла , 1илманан дай !...
Оьйсхарар Хьуьси - беркатан  доьзал ,
Царах цхьаъ  хьахор  вай , лераме Маьх1ди Хьаьж !

Доьзалехь дика к1ант да , нана хьистина ,
Доьзална дика да , шен доьзал нисбарна ,
Махкана дик къонах , махкахь ц1е яьккхина
Майртупар маьждигехь Имам хилл  Маьх1ди

Дика - во дерзочахь нийсо еш хиларна ,
Харцонаш лелош верг ,бакъоне верзорна !
Г1ийланиг , мисканиг везаш хьо хиларна ,
Дог ц1ена хиларна нур догуш хилла хьо !...

Хьан дикнаш сов дуьйлуш вай Дала хаьржина
Беркатан Хьаьжийц1а  кхайкхина вигир хьо !
Хьаьж къобул хиларна хьаьжийц1ахь кхелхина
Хьан кхалхар валар дац , декъала хилла хьо !!!....

Мухьаммад Элчано ( 1.с.в.с.) шена уллохь сацийна ,
1елим стаг хиларна ,1илман да хиларна !
Вайн Элчан (1.с.в.с ) даьзначех г1иллакхаш хиларна ,
Холкъана везарна , дин ч1аг1деш  ваахарна !...

Бусулба дин ойуш воккхачу вешийца
Сийлахьчу Къор1ана к1оргенаш 1амийна
Шен ваша Абубакар Хьаьжа  даима лерина .
Ткъа тахнам нохчийн къам доркъане дуожийна !!!

Ши седа нур догу нохчийнчур д1абайна !!!
Бусалба къаьмнашна сингаттам боьссина !
Шух беркат дуьненчохь дуьтийла  вай Дала !!!
Абубакар - Маьх1ди  Хьаьжой - шу декъал дойла !!!

01 . 02 . 21 ш . / Джабраилова - Абубакарова  Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CKwzYgrHOT1/?igshid=1tyf9iilokiuz