Ирсе дахар

Раиса Абубакарова
ИРСЕ ДАХАР

1уьйренаш йог1ийла, шун могуш маьрша,
Суьйренаш йог1ийла, беркат сов даьлла,
Д1адоьду х1ора де  сингаттам, бала...
Аш, шайца д1ахьолаш,  д1о гена  пана....

1уьйренца схьакхета нур сирла можа малх,
Кхеталахь, дог хьостуш, сирла кхаъ хилий,
Сингаттам сов баьлла, дагчуьра бода,
Д1а ойуш, серлонца адмийн дог хьаста.

1уьйренаш йог1ур ю, ун-бала боцуш,
Суьйренаш йог1ар ю, сингаттам боцуш,
Х1оранна х1усамехь, беркат сов доккхуш,
Марзонаш ч1аг1лур ю, безам сов боккхуш!

Вовшашна гича вай,самукъа долуш,
Маршалла хаттарца сапарг1ат хуьлуш,
Букъан сирт саттийна бала д1аболуш,
Дехар ду инзаре, вайн дахар толуш!...

Гой шуна, гена дац, маьлхан нур кхета,
Х1ораммо, цунах шен, пайда схьа эца,
Марша да керла де, марзонах дуьзна....
Уьйр чаг1 еш вовшашца, дуьне де хаза!!!

03 . 02 . 21 ш . / Джабраилова / - Абубакарова Раиса .
https://www.instagram.com/p/CK0Qbyuncto/?igshid=vdmd95dp7825