Ун - балех доьвлла де

Раиса Абубакарова
Кхаъ бохьуш кхечи хьо,
Сатийсина ирсан де!
Хьо, гур дац кхин!- бохуш,
Кхийрина, дилхина  де...

Къинхетам хили вайх!
Кху балан, доьхна де,
Д1адели, кхи гур дац,
Къематан къаьхьа де!!!

Вай Далла д1ахези,
Вайн г1ийла до1анаш...
Вайн дохко довларца,
Вай йина  ойланаш!

Вай йечу 1амалца,
Вай динчу тобанца,
Вайх бинарг къинхетам,
Вай Аллах1 Дела ву!!!

Вай Дела цхьаъ варна,
Вай Элча (с.а.в.с) бакъ варна,
Иман сов  даккхарна,
Къинхетам хили вайх!

Зикарца, мавлидца,
Ламазца, марханца,
Вай сема хиларна,
Къинхнтам вайх хилла!!!

1одика йойла хьан
Боьссина, х1ай бала,
Ахьам тхо деш кхета,
Г1алаташ гайти тхан,

Хьаг1, гамо, цабезам,
Дагчуьра и мекха,
Ахь х1инца д1ахьохьа,
Варх1 ломал гена!!!
 
Хастам бо йа Аллах1,
Кхоьллина тхан Дела,
Х1ара бала д1а ойбуш,
Къинхетам барна.

1осаллах хердина,
Ийман сов даккхарна!
Саг1анаш т1е иэцна,
Ун-балех дахарна!!!

10. 02. 21 ш. / Джабраилова /- Абубакарова Раиса .
https://www.instagram.com/p/CLIHvCQnvo2/?igshid=gzzl0uatrb3w