Ненан хьехам

Раиса Абубакарова
Аса нене хаьттира цкъа маццах хьалха ,
Ялсмана - Жоьжг1ата мичахь ю - аьлла ?
Нанас соь элира  ела а елла ....
Дера ю х1оранна шен кийрахь -  аьлла !

Юха а хаьттир ас -  Со м хьоьх ца кхета ...
Дуьненчохь  вай  дехаш ю бах ахь кийрахь ?!...
Бах дера , ма мотта церан хьал довза
Эхарта кхаччалац са детта деза !!!...

Нагахь ахь  дахар  хьайн латтадахь сирла ,
Малх кхетта де санна хьаг1 - гамо йоцуш ,
Дог - ойла хир ю хьан х1аваэ хьийзаш ,
Дахаран халонаш беркате йоьрзуш !

И бохург х1у ду хьан - хаттар дир нене ?!
Дера ду бусалба къам деза - бохург !!!...
Хало гуш - хьайн къомах дог лозуш хила ...
Ткъа бала бай барехь - къа хьоьгуш яха !...

Хьан кийрахь гулйина хьаг1 - гамо елахь ,
Мархаша баз бийр бу  ткъес  детташ  бода ,
Дог - ойла хир ю хьан латто  т1е  ийзош
Хьийзар бу хьан кийра сингаттам бала !

Сингаттам сов баьлча лазар сов дера ду ,
Дуьненан самукъа балане долуш !...
Уллохь верг ца везаш гамо сов йер ю ,
Кхехкар  ю  вай кийрахь жоьжг1атан алу !

Синтеме хьо хилахь полларчий санна ...
Хьан дагчу хьийзар ю самукъне ойла !
Моьттар ду х1ар дуьне кхоьллина хьайна ,
Ойлано яьккхича хьо генна т1ома ...

Вай дайша ма дийццар хьай дахар лардахь
Йалсмане карор ю х1оранна кийрахь
Барт - марзо , г1илкх - ларам 1адаташ лардахь
Дуьненчохь еххашехь йалсамане хир ю !

Х1ара дуьне х1оранна цхьатерра делла ,
Йа карахь , йа марахь цхьа х1умма  доцуш .
Дуьненчохь йаккха хан лучу  вай  Дала ,
Дика - вон зуьйш хир ду , шукур  де Далла !

Дика некъ ахь харжахь декъала хир ю ,
Ойла еш ахь харжахь  беркатан некъаш !
Хьараман рицкъанах гена ца йалахь ,
Вай Дала къовлур ду йалсмана некъаш !

Сан йо1 !  Ма мотталахь атта ду дахар !
Хьан дика - вон йаздеш малайкаш хир ду !
Ламазца , мархийца хилалахь сутар !
Саг1ийна комаьрша хьай куьг хилийта !!!

12 . 02 . 21 ш . / Джабраилова -  Абубакарова  Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CLNIvIynHlw/?igshid=1irttu6lynajv