Махкана тезет

Раиса Абубакарова
Дагчухул ткъес тухуш
Шийла кхаъ кхечи ,
Эльдархан Ахьмад
Вац ! Тахна д1авели !...
Сингаттам хьан хьокъехь
Тхуна сов бели ,
Нохчийн к1ант
Илланча ,
Ламан аз хеди !

Оьзда к1ант кхиийна
Хиллера нанас ,
Вайн нохчийн оьздангал
1амийна дадас ,
Махкана тезет ду
Х1оьттина тахна ,
Ахьмад д1акхелхина ,
Декъала хилла !!!...

Хьан хаза г1иллакхаш ,
Хьан оьзда лелар ,
И хаза хьан иллеш ,
Тхан дагчохь дисна ,
Т1еххьарчу , генарчу ,
Новкъа хьо воккхуш ,
Даггара вай Деле
Декъала вар доьху !!!...

Х1ара стигал йилхира
Дог1анах вайна ,
Х1ар латта хьо бахьнехь
Г1орийна хилла ?!...
Вайн къома турпалхо
Хьулвечу латте
Доьху  хьоь , хилалахь
Хьо цунна аьхна !!!...

Декъала хуьлда хьо
Ламанан леча !
Йахь йолчу къома к1ант
Тхан дика ваша ...
Кху 1аьржач буьйсанца
Сирла нур къагош
Хьайх йаккха ц1е йитна
Воьду хьо АХЬМАД !!!

16 . 02 . 21 ш . / Джабраилова - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CLXVbB7HgG_/?igshid=cex4hpn2628h