Йевзаш йоцу Нохчийчоь

Аза Атагинская
«Йевзаш йоцу Нохчийчоь»
ц1е йолчу  экспедицин декъашхошна лерина


Йезаниг окъам шайн голашка йихкича санна,
Базбелла когаш а байлора ца девзарг гича.
Къайленийн буьртигаш, бакъдолчийн дакъалгаш гулдан,
Къух даьлла лаьттачохь лоьху чекхдовла некъ - тача.

Йочана, йоькхана йицйина талламан шовкъо,
Шайн кхерчахь парг1ата д1атийна даха ца тигна.
Халонна гуо тесна, дог1машна ца лоьхуш атто,
Некъаш до Нохчийчохь ца девзарг схьадаста лиъна.

Нохчийчоь, шайн кхетам, тешам а хьан ц1арца боьзна,
Туьйранан нарт лелла баьхначохь тачанаш лехна,
Доьналлин берзалой  кхочур ю, хиларх сов гена,
Ца йевзаш лаьттина Даймехкан меттигаш йовза.

Азман Джабраилова